Ахьмад-Хьаьжа санна болу къонахий цкъа а леш бац

23.08.2020

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо, Нохчийн халкъан тхьамда – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла де ду тахана.

 

 

Вайн халкъан ирсе дахар хилийта шен дахар д1аделла цо. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа гутаренна а халкъан дагчохь, иэсехь вехар ву. Ахьмад-Хьаьжа санна болу къонахий цкъа а леш бац. Иза бакъволу къонаха вара. Вайн къомана ирсе дахар гойтуш, шен доьналлица вайна нийса некъ битина цо.Цо нохчийн къам хIаллакьхуьлучура кIелхьарадаккхарехь, Россин цхьаалла ларъярехь цо лелийна мехала маьIна гайтар, цуьнан дахаран некъ халкъанна ма-барра дIабовзийтар вайн декхар а ду.Баккъал а, къонахех къонах хилла иза. Цуьнан дахар бакъволчу къонахчун масал ду-кх.Дала декъалвойла Ахьмад-Хьаьжа! Дала г1азот къобалдойла Цуьнан. Дала цо вайн къомана дина долу диканаш ялсаманешкахь карадойтийла цунна.